Государственное бюджетное общеобразовательное учреждение "Президентский лицей"

pl_07@bk.ru
8 (8712) 29-57-05
пн.-пт. 08:30-17:30
сб. 08:30-17:00
 
 
 
 
 

Новости

День Чеченской женщины

15.09.2019

НОХЧИЙН ЗУДАРИЙН ДЕННА ЛЕРИНА: 

1819-чу шеран 5-чу сентябрехь сатоссучу хенахь ялх ротех а, царна г1онна баьхначу 

ворх1 б1е г1алг1азкхийчух а лаьтташ долчу паччахьан эскарша гуолецира Дадин юьртана.

Юьртарчу маьждиган момсарна т1ехь, т1ех1оьттина кхерам д1а а бовзуьйтуш, юьртахой орцах кхойкхуш  кхайкхам бира.

Момсарна буьххьехь салт дуьллуш хезча, жима а воккха а шайн герзашца арабевлира мостаг1чунна дуьхьало ян. Наноша шайн к1енташка весеташ дора, таханлерчу дийнахь мостаг1чунна хьалха кхераделла, охьатаь1на ма гайталаш бохуш.

Дуьххьара юьртачу яккхий тоьпаш тоьхна, паччахьан эскар т1елетира. Дера леташ дуьхьало йира нохчаша.

 Майрачу, оьздачу мехкарша  Дадин Айбикас (Дадин юрт йиллинчу Ц1оьнтарарчу Дадин йо1), 1аьмаран Зазас 

цу юьртарчу мехкарша маьждиган хьалхарчу майдана д1а а гулбелла, к1ентийн дегнаш иракарах1иттош эшарш лоькхура.

Яккхийчу тоьпан х1оьънаша йохийначу момсаран гаьргашна к1елахь 1уьллура Дадин юьртан турпалхочун Бах1адаран Муьстарган т1ехьийза йо1 1аьмаран Заза.  Шайн баттар яьхна шаьлтанаш йолуш, мостаг1ашна дуьхьал леташ, церан цамзанашна к1елахь шайн 1ожалла т1еийцира мехкарша, Дадин Айбикас а, 1аьндийн Жансигас а, 14 йо1 йийсаре лецира. Иштта чевнаш йина, дег1ех г1ора доцуш виссина  масех стаг йийсаре лаьцна, д1авигира. 

Дадин юьртара йийсаре лаьцна  46 йо1, Теркал дехьа йоккхуш, шайна ха деш болу салтий а эцна, чехкачу хи чу лилхира, нохчийн йоь1ан сий лакккхарчу тег1ан т1ехь хилар, мостаг1ашна а хоуьйтуш. Цул т1аьхьа, шаьш цу меттигна т1ехбовлуш, нохчийн яхь йолчу мехкарша гайтинчу хьуьнарна, коьртара куйнаш д1адахарца сий-ларам бора г1алг1азкхаша.  #Байханов #МинобрнаукиЧР #ЧеченскаяРеспублика #ЧеченскийЯзык #Урок95 #НохчийнЗударийнДеннаЛерина

 

Источник: http://oosh-valerik.edu95.ru//index.php?component=frontpage&news_id=103400